Машаре кхокха

* * * 8
\Берашна лерина\
Машаре кхокха

Цхьа декъазчо,1ад а тоьхна,
1уьллу кхокха,де а доьхна,
Экама дег1 эгадеш,
Б1аьргаш-туьтеш хебадеш.

Бабин,Дадин дика к1ант
Вара гуш и ирча сурт:
Цкъа х1аваэхь хьийзинарг,
Бара лаьттахь бегабеш.

1уьллучура т1емаш хецна,
Дайн куьг тухуш,схьа а эцна-
Раг1у к1елахь хьулбина,
Ж1аьла,цициг эккхийна.

Т1аккха Йоккха-бабас хьехна,
Говза дарба чевнна дира.
Ц1енчу шаршух киса лехна,
Морзийца т1ам лийча бира.

Х1ора денна меттабог1уш,
Дика дег1е г1ора дог1уш,
Г1аьттира и кхокхех ийна,
Даржадина т1емаш сийна.

Лепаш яра стигал-даре,
Олхазарийн пана аре,
Еъна кхаьчча тийна суьйре,
Бенчу боьрзий и д1атоьра.

Бераш,дац-кха х1ара туьйра,
Кхокхий шух мел ч1ог1а кхоьру,
1едаш-герзаш д1а а дахий,
Хьовса цаьрца бертахь даха!



9
Кхайкхам

-Орцадала,орцадала,
Акхарой,схьагулло чехка!
Мина иккхи,
Хьун ю йогуш,

Цо лазийна дийнаташ!-
Орцадохуш,хьун 1адийна,
Чанг1алкх уьду,тентагьяьлла
Юхаъ хеза йолуш г1овг1а,
Лерехь ц1ийзаш,
Шакарш етташ,
Гаьргаш кхийти
Диттан г1одах:
Шен бен буьтуш
Тарсал еди;
Пхьагал ,яхна,
Иккхи боьра.
Д1асахьаьвдда акхарой,
Доьхна хьийза пекъараш.
Тийналла х1оьтти
Юькъачу хьуьнхахь,
Х1инца хеза лоьман аз:
-Х1ай,кху хьуьнан,
Аьрха бераш,
Шайга аьлларг
Аш ца до,
Хьуьнхахь эккхахь
Мина,бомба.
Шу д1аловч1а,ма ида.
Д1асаидча,синтем байна,
Зенаш алсам хир ду вайна.
Ас кхин цкъа а дуьйцу шуьга
Ларлуш хила дог1уш,доьлхуш…
Хьовсал зуьне,зингаташка
Цара шайга аьлларг до.
Цундела уьш Везчу Дала
Зенах-зулмах лар а до.



1аьнан сурт 10

1уьйре йог1у денна шийла,
Аре дахкаро йо к1айн.
Дашо малх а хьоьжу г1ийла,
Детих лепош пардо лайн.

Берийн ловзарш чудирзина,
Хиш т1ехь бина буто ша,
Олхазарш а декац вайна,
Бошмашкахь а дижна 1а.
1986
* * *
Шеран муьраш

Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а-
Цхьаьна цкъа а уьш ца 1а.
1аламан уьш бераш ду,
Т1аьхьа-хьалха лелаш ду.

Массарел ю хаза б1аьсте!
Ткъа 1а-хетарх цуьнан десте!
Мехаш тедеш,дашош ло,
Б1аьсте гушшехь,цхьа к1адло.

Шен раг1 кхаьчча,йог1у аьхке.
Б1аьстено и ца йо бехке:
Дагца йоцуш цхьа а хьаг1,
Д1ало цуьнга сихха раг1.

Стигал хьулъеш,мархаш йог1у,
Арахь серса долу дог1а.
Шийла хуьлу 1уьйре-суьйре
(Вай юьйцург ю х1инца гуьйре)

Багара етташ шийла 1аь,
Дог1ий юхакхочу 1а.
Хаза хуьлу чимаш лайн
1аьнан мохо ловзош дайн…

Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а- 11
Х1оранне сатуьйсуш 1а.
1аламо шен хаза нур
Кховдийна бу х1ора мур .

* * *
Йишин шина к1антана лерина.

Хаза аьхке

Дадий,Бабий долчу юьрта
Воьду тхойша самукъдаккха,
Д1аялале,д1аяхале,
Ховха аьхке,хаза аьхке.

Кхузахь дезарш хуьлу шортта,
Уьш кхочушдан х1утту тхойша,
Д1аялале,д1аяхале,
Чехка аьхке,хаза аьхке.

Г1о до царна,хас а охку,
Бежнаш,эсий хи т1е лохку.
Д1аялале,д1аяхале,
Йовха аьхке,хаза аьхке.

Ткъа Дадг1ара-м самукъдолий,
Хуьлу тхоьха баккхийбеш,
Д1аялале,д1аяхале,
Токхе аьхке,хаза аьхке.

* * *
Т1аьххьаре а дилли ло,
Бамба санна к1еда ,к1айн:
Парг1ата саде1ало,
Ло а товш ду арахь 1ай.






12
Ц1еналла ю могшалла

Бераш,бераш,ц1ена лела-
Ц1еналла ю могшалла!
Саба хьокхуш,дила куьйгаш,
Арий-чуй мел девли шаьш.

Г1овтуш-дуьйшуш цергаш йила,
Лергашна а доладе.
Метта довлуш-когаш била,
Гатанца уьш бакъабе.

Шен-шен хенахь-к1ирнах цкъа-
М1араш шайн д1ахедае;
Корта била,дила куьйгаш,
Боьха лелахь,хир вац могаш!

Кхин цхьа х1ума хаа деза:
Даим шен-шен хила еза
Щетка,коьртах хьокху ехк,
Гата а шен лелон деза.

Ц1еналла массарна еза,
Могаш хир ву ц1ена верг.

Дерзош,карлабоккху г1ирс,
Хьуна дахьа долу ирс:
Саба,щетка,порошок,
Ехкий,гатий шен-шен чохь!


*** *** *** ***
Дахка Ц1и-ц1и даздеш бара
Ша дуьнент1е баьлла де.
Дукха хьеший кхузахь бара ,
Д1ахьуш дара доккха той.

Хьуьнана хьеший алсам баьхки
Ц1иц1и болчу,лоруш дахка.
Дахьаш шорта совг1аташ:
Тарсал- хьуьнан б1араш дахьаш,
Накхрмоза дахьаш моз,
зингат деа дахьаш шекар,
боьлкъазаро беа цу,
Лулахь деха цициг Мециг
Юхь1аьржа а х1оьттина
дера деза со а даха
Барт хир барий техьа тхан.
Бийр бу аса цумижарг.
Д1асахьаьжча цу а бац,
цу т1етоха х1ума яц.
Эхь делахь а,ц1иц1и болчу
Деъна Мециг беха цу.
Ц1иц1и а бу б1аьмециг.
Чухула и д1асахьийзи,
хьеший бу г1ад бахна боьлуш,
К1ах йисина ели дуьраш,
Шекар дехчи дели туьха.
Чу а деъна мижарг бина
дехкан той д1адохале,
Мециг деъна х1оьтти карахь
совг1ат дахаьаш цумижарг
Ц1ици т1аьхьа цунах кхийти,
цунна х1инца эхь а хийти.
Хиларна ша б1аьрмециг.

*** *** ***
Буьйса еъна кхечи схьа
Де боданца хьулдина,
Стиглахь лепа беттаса,
Седарчийн вой гулдина

Жил1аламех д1аийна
хиш-шовданаш д1атийна




Ж1аьлин нускалш.(гочдар)

Арахь кхиъна ж1аьлин нускал,
Коьртехь -дуьзна д1аьвшен тускар,
Куралла еш арахь лаьтта,
д1аьвше т1амарш д1аса сеттош

Ткъа к1айн Нускал тийна лаьтта ,
Гайта г1ерташ мохь ца бетта.




*** *** ***

Буьйса ю т1ейог1уш,
Дог1а ду серсаш,
Варшахь орца дохуш,
Мох луьра терса.


*** *** ***


2005 шарахь вовшех тоьхна ?Серло? кхоллараллин –литературни тоба.


Схьагулло,дешархой ,
Серлонан беша,
Тхан дийцарш ,хьехарш а,
Туьйранаш деша.

Хаарийн х1орда т1е ,
1амадай нека,
Схьагулло карадан
1илмане некъаш.
? Серло – и хьекъал ду
Хьекъалца ирс ду,
Адам дан декъала
Лоьху цуо г1ирсаш

Коьрта тхан 1алашо
Ю бода эшор,
Хьехархойн кхеташо,
Пох1манчех тешор.


*** *** ***
Цхьайтта шо д1адели,чекхъели школа,
Лелийна шу девли кучамаш шола,
Ирсечу цу новкъа шу маьрша г1ойла,
Безачийн цкъа а шун вон ма гойла

Т1аьххьара горгали бекачу денна,
Ас ала лерина цхьа довха дешнаш,
Шайн сица д1ахьолаш ,хиларх мел гена:
"Дешнаверг и цкъа а ца хила эшна!"
Даха шу, махкана вайн пайдабеш,
Кхиаеш массанхьа беркатийн беш.


*** *** *** ***

Сан хьоме эсала цхьайтталг1а Б
Т1екхечи вай къастадезаран де,
Шайн школа ,хьехархой аш биц мА бе
Махкана ,халкъана аш г1уллакх а де!

Дешархошка.
Шу д1аг1ур ду дешна девлла,
Хаарийн х1ордан хи мела,
Бераллина т1емаш девлла,
Вовшийн безам-марзо елла.

Хаарийн х1орд денна к1арглуш,
Ларам-лерам алсамбуьйлуш,
Къизалла,халонаш ца гуш,
Дехийла шу ,ирсе доьлуш.


Метки:
Предыдущий: Загадка 181. Сладость на радость
Следующий: 065 - Дональд Дак После Смерти