Нохчийн мотт

Кху дуьненан кийра хоьъна зевне
Ненан маттах дозаделла дешнаш
Схьагулделча цу хьан бетан кевне,
Iехалур бу кийтарлонах тешнарш.

Хьуна тIаьххье шех масалийн ало
Эбеллачу маттахь кегор кхечо,
Лайна бохуш мехкан боцу бала,
Вайн маттана лоьхуш маьрша гечо.

Шуна тIера даьгна даьлча шатлакх,
Меттан хьал а цхьалхадаьр, де эшна.
Цунна тIера доIа карладаккхар
Ма дуьсийла шун орцанах тешна.


Метки:
Предыдущий: Юха а денлур ву
Следующий: Сан марзонаш