Ала ду сан

ЧIагIо юй хьан? – аьлла,
Шеконе хьо ваьлча,
Ала са а хьоьгуш,
Ала ду сан хьоьга:

Дуьне теш а хIоттош,
Даредан сан чот ю –
Сан дIагайта мохк бу,
Сан дIабийца мотт бу.

ВорхIе да а – нохчий,
Ненан цIа а – нохчийн.
Сан дIабийца бух бу,
Сте а нохчийн хIух ю.

Нохчийн цIарах дийца
Дала суна цIийца
Схьакхачийна мукъ бу –
И сан сийлахь дукъ ду.


Метки:
Предыдущий: Цхьалла
Следующий: Хиъна хьуна