Синан доттаг1! Хьан 1аь ма д1атийна

Синан доттаг1!Хьан 1аь ма д1атийна.
Бодано-м ца зарзйи сирла уьйраш?
Х1унда ,деган мукъам ахь сацийна?
Хьох дарий сан тамашийна туьйра!

Юьжуш Деле до1анца хьо кхуьйлу,
Г1оттуш ,маликашка орца доьху,
Массо ханна хьан васт дагчохь къуьйлу,
Хьоьца з1ене яла некъаш лоьху.

Нагахь кеста вог1уш ,я хьо воьдуш
Хьайн сих хьерчаш хетахь сирла нур,
Сан са ду и ,хьан лар толлуш доьду,
Теша,ахь а цунна йовхо лур!

Х1унда яц со ахь ен мерза ойла?
Хир дац те дуьненахь юха гойла!?

Метки:
Предыдущий: My love, my soul. The Sonnet. To Eva
Следующий: Про тисяч митей