Со вижнехь, со вижна ма вита совнах

Со вижнехь, со вижна ма вита совнах,
Вижна Iар ас дахар лерина дац.
Вижна Iан лахьти чохь кхуьур ву сов а,
ХIара дахар шозлагIа суна хир дац –
Миччахь а, мелла а, мацца а дахарх,
Адаман хиларан маьIна ду дахар.

Цундела со сецна ма вита аша.
ТIехволург, доьху ас: меттаххьаве.
Лууш ву езачун со бIаьра хьажа,
Декхар ву со хIотта цомгашчун тIе.
Деза ас лулара жима бер хьаста –
Иза ду вайн хиндерг, и ю вайн бIаьсте.

Стага шен хаддийнарг бу цуьнан мах а,
Декхарш, тIедахканза, мел ду-кха уьш:
Ловзаргахь човс хилла, нах хелха баха,
Стаг веллехь, и дIахьош барма ойуш,
Автобус соцучохь догIа сайн тал а…
ГIуллакх дан сайх наха къонах ву аллал.

Метки:
Предыдущий: Хиъна хьуна
Следующий: Кхачалуш ю