Ас хьуна урдона йихкира хинйолу буьйсанаш

Ас хьуна урдона йихкира
хинйолу буьйсанаш.
ДIаэцна уьш хьайна, де царех луъуш дерг аьлла.
Ас хьуна томана – сатийсарх, гIайгIанах дуьйцина –
Цхьа илли делира,
безаман сурт ду и аьлла.

Хьо хIинца дIаяхна, дIахьош мел
хинйолу буьйсанаш.
Хьан, дакъаз ма яларг, бакъо ю,
ас биллац бехк а.
Ахь илли дитина,
гIайгIанах, сатийсарх дуьйцина –
Наха луш ма-хиллара, там суна ахь юхабелла.

Метки:
Предыдущий: ЦIаверзар
Следующий: Хьо маре яхана